ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: 19 кхелхина, ун даьлла кхин а 540 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 19 стаг, керла тIекхетта инфекцица 540 пациент. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла 13 стаг, ГIалгIайчохь -кхоъ, Ставрополан махкахь - шиъ, Нохчийчохь - цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь кхелхина эпидеми юкъаяьлчхьана 266 дархо.

Къаьсттина дукха цомгаш нах къаьстина Дагестанехь: 110:

Дагестанехь +110 (4205)
Краснодаран кIоштахь +90 (3337)
ГIебарта-Балкхаройчохь+83 (2334)
Ставрополан махкахь +79(2011)
Къилбаседа ХIирийчохь+60 (2645)
ГIалгIайчохь +45 (1823)
Кхарачойн-Чергазийчохь+26 (783)
Адыгейхь +25 (696)
Нохчийчохь +22 (1112)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус кхетта ву 18 947 пациент. Оьрсийчохь бу уьш 353 427.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG