ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зулам дина Нохчийчуьра бахархой лецна Москвахь


Москван къилбаседанехь кIиран дийнахь хиллачу тасадаларшкахь 10-зза гергга герзаш диттина хилар тIечIагIдина РБК агенталлана Москварчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллехь а. Мордовера веана хилла Седов Николай дуккха а чевнашца дарбан цIийне вигина. Иза воцург а лазийна Самаран кIоштара веана Мусаев а.

Агенталле шахьарарчу ницкъахоша дийцарехь, Каширскан некъаца лаьттачу цIеношна гергарчу автомобилан паркингехь герзаш диттина хиларх хаам бинера полицега суьранна ворхI сахьт долучу заманчохь. Кхаьчначу полисхойн каравеанера Оренбургера ши вахархо Русанов Вадим а, Евлампиев Максим а, Дзержинскера Титенек Герман а.

БархI сахьт долучу хенахь оцу инцидентан кхин а декъашхой дIалийцира полисхоша Ford машенца. Уьш хиллера Нохчийчуьра бахархой: Тепсуев Жамалай, Хачукаев Мохьмад, Мансаев Турпал, Сулейманов Хьусейн, Балиев Джамбулат а. Травматикан герзаш а, патармаш а даьхна цаьргара.

Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллийна царна дуьхьал кхаа артиклехь - стаг вен кIело яр, бакъо йоцуш герзах пайдаэцар, харцхьа лелар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG