ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зорбанаш: гIаттамхойн гергарчара неIалт аьлла "Новая газетана"


"Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий
"Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий

Нохчийчохь бехачу гIаттамхойн гергарчара кехат дахьийтина "Новая газетан" коьртачу редакторан Муратов Дмитрийн цIарах, церан газетана неIалт а кхайкхош, официалехь шаьш Iорадаьккхинарг харц а деш, къинтIера даха шаьш аьлла. Iедална муьтIахь болчу хаамийн гIирсаша дIахьедина цунах лаьцна.

Хаам барехь, кехатан авторшна новкъадеана, бакъонашларъярхочо Сокирянская Екатеринас "Наш папа в плену" (Тхан дада йийсарехь ву) аьлла, зорбане яьккхина артикл. Цу тIехь цо йовзийтина байинчу тIемалойн, йа террорхойн вовшахтохараллин декъашхойн бисинчу хIусамнанойн а, гергарчийн а истореш а, Iедалан а, ницкъаллин структурийн цаьрца йолу юкъаметтигаш а.

"Шу а, шун ерриг редакци а дукха гена девлла шу! Эхь-бехк дайна, шаьш ца кхойкхучу гIерта шу!", - аьлла, долийна ду кехат. Цуьнан авторша чIагIдо, гIаттамхой хиллачийн гергара нах, кхинберш а санна, бехаш бу, полицехь а, пачхьалкхан хьукматашкахь а белхаш а беш бехаш хилар.

"НеIалт хуьлда шуна массарна а, нагахь санна, тхан къомана дуьхьал шаьш болийна тIом сацор бацахь! Нохчийн Iедалхошна тхо дуьхьалдаха шун гIертарх гIуллакх хир дац. Цкъа делахь, тхо цунна реза ду, шолгIа аьлча, Iедалехь берш тхан тхешан нах бу - гергарнаш, коллегаш, доттагIий!", - аьлла ду кехата тIехь.

Хаьий-те Муратовна, "масалгIа шо ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун инициативаца даIишхойх биссина зударий а, церан бераш а Шемара цIа бало?", йа "Кадыров Рамзана, шена вен дагахь кIело йинчу нахана а гечдинийла?", хоьтту цу кехата тIехь.

"Оцу нехан гергарнаш, тхо, дуккха а эзарнашкахь ду! ЛадогIалаш - шайн материал зорбане яьккхичхьана, кхин дIа нехан дахарца а, царна хетачуьнца а бала боцуш долу шу, хIоранна а тхуна бIаьрга дан ца деза шун газета а, коьрта редактор волу хьо а, хьан журналисташ а. Тхан цхьаъ бен проблема яц, иза а - тхо маьрша даха ца дуьту шун журналисташ", - яздина кехатан авторша.

Шайн кхайкхам берзош, Нохчийчуьрчу бахархоша тIедожийна газетана, артикл зорбанера дIаяккхар а, официалехь цу тIехь яздинарг харцдар а, шайга гечдар дехар а, нагахь санна, хьан газетан белхахочун, ша буьйцучу нахана гергахь хьекъал тоахь, аьлла.

Дагадоуьйту, Охан-баттахь "Новая газето" арахецначу материална реза воцучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "къоман мостагI" лерира и зорбан гIирс. ХIетахь язйинчу артиклехь дуьйцура, махкахь лоьрашна медицинан гIирс тоьаш цахиларх а, меттигерчу Iедалхоша карантинан низмаш дохийнарш лоьцуш хиларх а.

Журналисто Милашина Еленас яздинера, "Кадыровс массарна а хезаш дIакхайкхийна, изоляцин раж йохон нах террорхой бу, цаьрца къийсам латто беза" аьлла, "цундела шайн цамгарш къайла а хьош, цIахь леш ду адам".

Цо дуьйцург харц а деш, Кадыровс кхерамаш тесира Милашинина. Цул тIаьхьа Талламан комитете дIахьединера журналисто, шена кхерамаш тийсарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG