ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь там-мах бар дIадолийна юха а


Эпидеми яьржича махкахь керла доьзал кхолла ханна дихкинчу Нохчийчуьрчу Динан урхалло сацам тIеэцна, тIейогIучу заманчохь шариIатехь зуда ялор магош. Цунах лаьцна инстаграмерчу шайн аккаунтехь хаам бина республикан муфтийс Межиев Салахьа, яздо ТАСС агенталло.

Карладоккху, коронавирусаца доьзна Нохчийчохь Охан-беттан 13 -чохь дуьйна дихкинера бусалба низамашца там-мах бар. Межиевс бахарехь, хIинца а дихкина дуьсу, нах а гулбеш, даккхий тойнаш хIиттор.

"Юьртан имам цхьана машенахь вахана, керла доьзал кхуллучу шинна юкъахь там-мах а бина, юхавогIур ву. Кхиболу ловзаран барамаш хIиттош бац. И дерриге а лелош ду Нохчийчоьнан бахархойн могушаллин дуьхьа", - аьлла, тIетоьхна шен хаамехь муфтийс.

ТIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь 1 090 стаг ву коронавирусан ун даьлла. Дарба хилла 660 пациентана. Кхелхина эпидеми иккхичхьана 13 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG