ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанаш: Кадыровн кема Москвара Соьлж-ГIала деана


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кема де хьалха Москвара Соьлжа-ГIала кхаьчна аьлла, хаам бина "Эхо Москвы" радиостанцино. Цо бахарехь, МБХ сайто Iорабаьккхина и хаам, хIаваэхула лелачу кеманашна тIехь терго латточу сервисан хьостех пайда а эцна.

Дахначу кIиранчохь масех агенталло, шайн хьосташна тIе а тевжаш, яздира Нохчийчоьнан куьйгалхо коронавирусан шеконашца лоьрийн тергонехь ву аьлла. Иштта дуьйцура, Кадыровн кема Соьлж-ГIалара гIаьттина Москва дахара бохуш а.

Официалехь я бакъдеш а, я харцдеш а дац даьржинарг. Нохчийчоьнан Iедалан информацин урхаллин векалша шайга динчу хаттарна, Znak портало бахарехь, делла жоп иштта ду: «Оха ца ло цхьа а информаци".

Мехкан телерадиокомпанин директора, Кадыровн гIоьнчас Дудаев Ахьмада news095 инстаграм-агIонехь дIахьедина, хаамийн гIирсаша "вониг хилийта луучийн" информаци ю яржош, аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG