ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах велла 28 стаг, ун даьлла 518 вахархочунна


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 28 стаг, цомгашчарна тIекхетта кхин а 518 пациент, яздо "Кавказ.Реалии" портало.

Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь 21 кхелхина, Къилбаседа ХIирийчохь - пхиъ, ГIалгIайчохь а, Ставрополан махкахь а цхьацца стаг. Верриг а COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана 294 дархо.

Къаьсттина дукха нах бу ун даьлла Дагестанехь а, Кубанехь а - шинхьа а 89 пациент ву:

Дагестанехь +89 (4 294 эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь+89 (3 426)
ГIебарта Балкхаройчохь+88 (2 422)
Ставрополан махкахь +75 (2 086)
Къилбаседа ХIирийчохь+57 (2 702)
ГIалгIайчохь+43 (1 866)
Кхарачойн Чергазийчохь+31 (814)
Адыгейхь +25 (721)
Нохчийчохь +21 (1 133)

COVID-19 ун къаьстира Къилбаседа Кавказехь 19 464 вахархочуьнца. Ерриг Оьрсийчохь болчу цомгашчу нехан терахь 362 342 даьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG