ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхоша бахархошна еттарх лаьцна хаамаш баржийна зударий кхеле баьхна


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

СемаIашкахь изоляцин низамаш дохийначу бахархошна полисхоша йиттина аьлла, аудиош социалан машанашкахула яржийначу зударша шайна къинтIера довлар дехна. Кхаа зудчо гечдар доьхуш дIаязйина видео меттигерчу инстаграм-аккаунтехь зорбане яьккхина.

Видео тIехь хIора зудчунна уллохь лаьтташ цуьнан цIийнах волу борша стаг ву. Цара а доьху гечдар.

"ХIуммаъ гина дац. Цхьа а полисхо а, йа мелла стаг а гина вац суна", - боху Малика цIе йолчо.

"Вайн дуьхьа хьийзаш ма бу уьш. Дийца мегар дац 'суна моьттинера', 'суна гира', 'со Iадийнера' бохуш. Цу тIе и хьан гIуллакх долуш хIума а дац", - бохуш, цхьахйолчу зудчуьнгара бехкаш доху цуьнан марзхойх волчо.

"Хьакхарчий санна байа безаш бара, и къизаллаш лело полисхой" баьхначу, Кировн цIарахчу совхозера зудчо а къинтIера баьхна шегара даьллачунна. Цуьнан кIанта чIагIо йина, цу кепарниг кхи долуьйтур дац шаьш аьлла.

"Суна сайна гина хIума дац, йа бIогIамех бихкина нах а ца гина. Со яцара цигахь. И видео сайна гича, дог даьттIа элира ас - и бу сан бехк. Ас динарг нийса дац", - аьлла Манаш цIе йолчу зудчо.

ТIехьа-Мартанан кIоштан къедас Дацуев Iабдул-Рашида а, аудиош яржийна зударий бехачу яртийн имамаша а кхайкхам бина божаршка, шайн хIусамехь зударийн дола де, "тIаьхьа юьхьIаьржа ца хIитта" аьлла.

Марха достучу дийнахь мессенджерашкахула зударийн аудион хаамаш баржийнера, ницкъаллийн структурийн белхахоша урамашка бевллачу нахана етташ ю, зударшна а цхьана бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG