ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Моргехь лаьттачу хьолах арздина Путине БуьритIерчу яхархочо


Коронавирусан пандеми бахьанехь моргехь лаьттачу хьолана латкъам бина Оьрсийчоьнан президенте Къилбаседа ХIирийчуьрчу яхархочо Голошапова Юлияс, яздо "Кавказ.Реалиино". (Редакцехь кехатан копи йолуш ю). Цо чIагIдо, шен нана моргехь болх беш ю, ткъа цигара белхахой коронавирусан инфекци йолчу нахаца болх бечаьрца лоруш бац, цундела президенто дIало аьлла, ахча цунна кхочуш дац.

Цул совнах, чIагIдо Голошаповас, стаг уьнах ларвен гIирсаш а патологоанатомашна тоаме бац бохуш. Иштта цо дуьйцу кехата тIехь, коронавирусах леш болчийн терахь а хьулдеш ду, бохуш.

"Тахана цхьана дийнахь декъий этIийча къаьстина 9 стагаца коронавирус хиллийла, - боху зудчо шен дIахьедарехь. - Ткъа официалан терахьашца, тхо долчехь 10 ву велларг (Голошапован кехат карарчу беттан 14-чохь яздина ду, ткъа тахана, официалан дIахьедарца, 37 ву цигахь велларг ("Кавказ.Реалиин" билгалдаккхар). Коронавирус яцара цаьрца, бохуш, кехаташ тIе а летош, хIунда дезна цуьнан медицинан киншкаш юхаязъян? Ткъа дакъа этIийча кхин жамIаш ду гуш".

Могушалла Iалашъяран министро Гогичаев Тамерлана тIедиллина кхелан-медицинан информацин бюрон куьйгалхочунна карара бутт бале, кехат тIехь юьйцучу фактех шена жоп далар.

ТIаьххьарчу информацица, Къилбаседа ХIирийчохь дарбан цIийнехь охьавиллина пневмоница а, коронавирусаца а 61 стаг. Регионехь ун даларца билгалваьлла 2 755 пациент: 1 570 дархочунна гIоле хилла, 1 009 цIахь дарба лелош ву, 139 стаг лазартнехь ву, кхелхина – 37.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG