ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийн бусалбанийн урхаллин куьйгалхочун шкафа тIехь молханаш карийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Лидовская Анастасия

Къилбаседа ХIирийчохь кест-кеста девнаш дуьйлу медикашний, коронавирусах цомгуш болчу нехан гергарчарний юкъахь. Шайн нахана шайггара дарба лелодо доьзалхоша, къийсало лоьрашца хааршца, "оьшу" молха лазархочунна дала гIерташ.

"Кавказ.Реалиига" дийцира республикерчу клиникан хIусамерчу медика оцу хьокъехь. "ХIинцца, деношкахь, вайн муфтийн шкафа тIехь молханаш карийна", бохура зудчо. Муфтийс Гацалов Хьаьжамурда аьлла лоьрашка, шена гергарчара деана молханаш, "уьш дика ду бохуш а хезна".

Къовсаме дохкуш нисло тайп-тайпана молханаш – уьш механа деза хиларна, лоьраша ца детта, олий, шеко кхоллало нехан. Иштачех ду "Актемра". Цунах лаьцна информаци каро хала дац, молха 15 шо хьалха дуьйна а арахоьцуш хилла ду. Иммунодепрессантех ду иза, энашна тухуш. Масала, РИА "Новости" агенталло яздарехь, "Актемра" молхано "ша дика гайтина коронавирусах цомгуш хилларш тобеш".

ХIирийн жигархочо Акоефф Алинас шен фейсбукехь боху, дарбан хIусамашкахь дац оьшу молханаш, уьш деза ду, лоьраша цомгушчийн гергарчаьрга доьху, эций, уьш дар. Юьйцург яра хIо лучу аппаратах йоьзна йолу исбаьхьаллийн лицейн директоран гIовс Кибизова Светлана. Машанера йоза дIадаьккхира ши-кхо сахьт даьлча: молха гергарчара хьехна хиллера.

Республикан клиникан коьртачу лоьро Митциев Астана дIахьедира, дац коронавирусана дуьхьал лело молха, ден дарба а ду хIоразза а шен-шен кеп йолуш, аьлла.

"Билггал коронавирусана Iаткъамбеш долу молха дац. ТIаьххьарчу хенахь даьржина леладо ‘Актемра’. Иза тхоьгахь ду. Амма лан хала препарат ю иза. Цо могашаллина доккха зулам дан а тарло. Иммунодепрессор ю иза. Цо иммунитет малйо. Адаман хьоле а ца хьожуш, вай иза лелийча, дегI вирусна духьало ца ялуш диса а тарло ", - билгалдаьккхира Митциевс.

Лелачу хабарша бестийна молханийн мехаш. Гергарнаш шайн нехан могашаллина сагатдеш хиларх пайда а оьцуш, "коронавирус эшочу мехех" доккху ахча кхачийна 200-400 эзар соьме, боху лоьро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG