ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чувашин экс-губернаторо кхеле велла Путин Владимир


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Чувашин хилла губернатор Игнатьев Михаил а
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Чувашин хилла губернатор Игнатьев Михаил а

Ша даржах ваьккхинчу президентана Путин Владимирна дуьхьал Чувашин хиллачу куьйгалхочо Игнатьев Михаила чуелла иск луьстур йолуш ю Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Иза къовса дагахь ву ша балхах вохийна омра. Кхелан сайта тIехь долчу цу гIуллакхан картана тидам тIебахана "Правда ПФО" гIирсан.

2010-чу шарера схьа дуьйна вара 58 шо долу Игнатьев Чувашина куьйгалла деш. ХIетахь Оьрсийчоьнан президент лаьттинчу Медведев Дмитрийс хьалхатеттина вара иза. Карарчу шеран Дечкен-баттахь Путина даржера вохийра иза, цунах тешам барца. Политик юкъахь а волуш, ши скандал иккхира хIетахь.

Дуьххьара Чебоксарехь Оьрсийчоьнан а, Чува-шин а зорбанан Денна леринчу барамахь цо кхайкхам бира, Iедална критика еш болу журналисташ а, блогерш а хIаллакбан беза аьлла.

Цул тIаьхьа интернетехь яьржира видео, орцан министраллана ялийначу машенийн догIанаш дIалучу заманчохь, цхьана белхахочун, жIала санна, масийттазза кхоссавала дийзира, цуьнан карара догIанаш схьаэца. Социалан машанашкахь емалдира Игнатьевн лелар. "Цхьаалин Оьрсийчоь" партино шайн могIаршкара а дIаваьккхира иза.

Лакхарчу кхело чуэцна Игнатьевн иск толлуш хьалхара кхелан кхеташо дIакхайкхийна карабогIучу беттан 30-чу дийнахь.

"Коммерсантан" информацица, Чувашин экс-губернатор Игнатьев Михаил Санкт-Петербургерчу дарбан цIийнехь охьавиллина ву пневмоница.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG