ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: кхелхина 20 стаг, ун даьлла ву кхин а – 589


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 20 дархо, цомгашчарна тIекхетта кхин а 589 стаг.
Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь 12 дархо кхелхина, ГIалгIайчохь – пхиъ, Ставрополан кIоштахь а, Кубанехь а, Кхарачойн Чергазийчохь а – цхьацца велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах кхелхина 314 пациент.


Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу информацица ун даьлларш Дагестанехь – 161:

Дагестанехь +161 (4 455 эпидеми яьржичхьана)
ГIебарта-Балкхаройчохь +87 (2 509)
Краснодаран кIоштахь +80 (3 506)
Ставрополан махкахь +72 (2 158)
Къилбаседа ХIирийчохь +53 (2 755)
ГIалгIайчохь +40 (1 906)
Кхарачойн Чергазийчохь +39 (853)
Адыгейхь +38 (759)
Нохчийчохь +19 (1152)

20 053 пациент ву йоллу Къилбаседа Кавказехь коронавирусаца билгалваьккхина. Ерриг Оьрсийчохь, оперативан штабан зерашца, 370 680 стаг ву ун даьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG