ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойн а, лоьрийн а мукъа де хила йиш яц, аьлла Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Керлачу коронавирусан инфекцин пандемица къийсам латточу белхахойн мукъа хан а, балхара цIахь сецар а хила йиш яц, аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"ТIом бу-кх хIара, мостагI гуш воцуш, амма Iаламат кхераме. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой а, Росгвардин эскархой а, лоьраш а - кху къийсамехь мел волу массо а къахьега дезаш ву, цхьа а де юкъара а ца долуьйтуш", - аьлла Кадыровс, COVID-19 вирус ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан кхеташонехь.

"Суна хаьа, хIокху некъа тIехь къахьоьгучу стеган цхьа секунда яц мукъа, йа хила йиш а яц. Тахана Нохчийчоьнна а, дерриг дуьненна а тIехIиттина уггар а чолхе денош. Делан къинхетам бу, кхо кIира хьалха хIун дан деза вайна ца хиънехь а, тахана вайн кхетам болуш", - аьлла, тIетоьхна Кадыровс.

Цо бахарехь, бюджетан доцу ахча дайа гIерта Нохчийчоь пандемица латточу къийсамехь: "Дика аьтто хуьлу вайн. Вайга гIо дехна цхьа стаг вуьтур вац вай".

Дахначу кIиранах Baza телеграм-канало а, иштта ТАСС а, "Интерфакс" а агенталлаша яздора, Кадыров Москва дарбан цIийне дIавигина бохуш. Оццу дийнахь, Кадыров Рамзанан цIарах лела кема деана хиллера Нохчийчуьра Москва.

Коронавирусан ун даьлла Кадыровна, бохуш, чIагIдора хаамийн гIирсашкахь. Ткъа ша Кадыровс цхьана а кепара комментари ца елира оцу хаамех лаьцна. Iедалан векалша дIахьедора, нохчийн урхалхо могуш вац, бохуш, яьржина информаци, цуьнан мостагIашкара ю, иза могуш а ву бохуш.

Оршотан дийнахь "МБХ медиас" даржийра, Кадыровн кема Москвара Соьлж-ГIала кхаьчна аьлла.

Официалан зерашца, Нохчийчохь COVID-19 вирус кхетта ву 1 133 вахархо. Царах 13 кхелхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG