ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Изоляцин раж малъяр тIе ца дитина Даудовс


Парламентан спикер Даудов Мохьмад
Парламентан спикер Даудов Мохьмад

Нохчий парламентан спикеро Даудов Мохьмада хаам бина, изоляцин раж малъеш шолгIачу муьре цкъачунна довла дагахь дац шаьш аьлла, яздо "Кавказ.Реалиино". Инстаграмехь хIоттийначу эфирехь дина цо иштта дIахьедар.

Карладоккху, республикерчу Iедалхоша шен-шен муьрехь карантинан раж лагIъеш план тIечIагIйира. Хьалхара мур берзо безаш бара кху беттан 27-чохь.

"113 дархо дарбан хIусамашка схьакхачочу юкъанна хIинца а хьалхе ду хьалхара мур берзийта. Ас ма-аллара, 1 860 маьнга бу. Нагахь санна, хIора денна оццул нах схьакхоьхьаш хилча, бисина 835 меттиг цхьана кIиранна бен тоаме хир бац", - аьлла Даудовс.

Иштта цо хаийтина, меттигерчу транспортан министралло еарин дийнахь дуьйна 64 микроавтобус Соьлж-ГIалахула а, республикан 4 кIоштахула а арайоккхуш хиларх.

Спикеро дIахьедина регионерчу бахархошка, нагахь санна, юкъара транспорт пассажирех тIех юттуш хилахь, шаьш церан болх юха а сацор бу аьлла.

Официалан зерашца, Нохчийчохь ун даьлла хиларца билгалваьккхинера 1 162 вахархо. Царах 13 велла, 698 пациентана дарба хилла, карантинехь латтош ву 4 833 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG