ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине кховдийна иск Кремлан "коьртачех хаттар дац"


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс дIахьедина, Чувашин хиллачу губернаторо Оьрсийчоьнан президентана дуьхьал яьккхина иск Кремлна карарчу заманчохь коьртачех хаттар дац аьлла. "Коммерсанто" бина цунах хаам.

"Хаамийн гIирсашкара хиира тхуна цунах лаьцна, амма тхуна хIинца коьрта дац и хаттар", - жоп делла Песковс, "Коммерсантан" журналисто, Кремлехь хууш дуй, Чувашин экс-губернатор кхеле валар аьлла, деллачу хаттарна жоп луш.

"Ас цунах лаьцна цхьа а комментари йийр яц, кхело шен болх берзабаллалц", - аьлла, тIетоьхна пресс-секретаро. Иштта Песковс хаам бина, канцеляри Игнатьевн кехат кхаьчнийла а ца хаьа шена.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, ша даржах ваьккхинчу президентана Путин Владимирна дуьхьал Чувашин хиллачу куьйгалхочо Игнатьев Михаила чуелла иск луьстур йолуш ю Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело аьлла. Иза къовса дагахь ву ша балхах вохийна омра. Кхелан сайта тIехь долчу цу гIуллакхан картана тидам тIебаханера "Правда ПФО" гIирсан.

2010-чу шарера схьа дуьйна вара 58 шо долу Игнатьев Чувашина куьйгалла деш. ХIетахь Оьрсийчоьнан президент лаьттинчу Медведев Дмитрийс хьалхатеттина вара иза. Карарчу шеран Дечкен-баттахь Путина даржера вохийра иза, цунах тешам барца. Политик юкъахь а волуш, ши скандал иккхира хIетахь.

Дуьххьара Чебоксарехь Оьрсийчоьнан а, Чува-шин а зорбанан Денна леринчу барамахь цо кхайкхам бира, Iедална критика еш болу журналисташ а, блогерш а хIаллакбан беза аьлла.

Цул тIаьхьа интернетехь яьржира видео, орцан министраллана ялийначу машенийн догIанаш дIалучу заманчохь, цхьана белхахочун, жIала санна, масийттазза кхоссавала дийзира, цуьнан карара догIанаш схьаэца. Социалан машанашкахь емалдира Игнатьевн лелар. "Цхьаалин Оьрсийчоь" партино шайн могIаршкара а дIаваьккхира иза.

Лакхарчу кхело чуэцна Игнатьевн иск толлуш хьалхара кхелан кхеташо дIакхайкхийна карабогIучу беттан 30-чу дийнахь.

"Коммерсантан" информацица, Чувашин экс-губернатор Игнатьев Михаил Санкт-Петербургерчу дарбан цIийнехь охьавиллина ву пневмоница.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG