ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вологдерчу вахархочо кхеле велла Кадыров


Вологдерчу вахархочо Губин Дмитрийс Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхеле латкъамбина мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, коронавирусан пандемица доьзна лерина барамаш цо юкъабахарна."7x7" интернет ресурсо бина цунах лаьцна и хаам.

Шена хетарехь, бакъонца доцчу, карарчу шеран Зазадокху-беттан 27-чохь тIеэцначу "Нохчийчоьнан территори тIехь керлачу коронавирусан инфекцин пандеми ца яржийта тIаьхьататта йиш йоцу барамех" буьйрана дуьхьал протест еш ву Губин.

Республикехь комендантан сахьт кхайкхийна Кадыровс, боху Вологдерчу вахархочо.

- Бакъду, "Сацаде дIасалелар" аьлла, цIе тиллина цо оцу режимна. Бехкамца а догIуш, Нохчийчохь ураме вала йиш яц суьйранна 8 сахьт даьллачул тIаьхьа Iуьйранна 8 даллалц. Кадыровна хетарехь, оцу сахьташкахь къаьсттина кхераме йолчух тера ду и вирус. Ткъа парламентан спикеро Даудов Мохьмада инстаграмехь хаам бина, кIиран деношкахь маггане а мегар дац чуьра аравийла аьлла. Оцу хьокъехь официалан документ кара ца дира суна, - аьлла, дийцина Губина.

Иза тешна ву, оцу омрано шена могуьйтуш цахилар, Нохчийчу а вахана, цигахь хIусам а эцна, шен бизнес кхио жигара къахьега. Нагахь санна чолхечу хьолан раж кхайкхийнехь, тIаккха бен комендантан сахьт юкъадоккхийла яц, амма чолхе хьал хиларх дIахьедина дац аьлла, хеташ ву Губин.

Цу кепарчу бехкамаша Конституцин масех артикл йохош ю, иштта маьрша дIасалеларна а боху Вологдан вахархочо.

Зазадоккху-беттан 27-чу дийнахь "Интерфаксо" даржийра, "Соьлж-ГIалин аэропорто Москвара пассажираш тIеоьцуш бац, нагахь санна, Нохчийчохь бехаш уьш бацахь" аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун омрица Охан-беттан 5-чуьра схьа республике юьтуш яц кхечу регионашкара транспорт а. Кадыровс чIагIонаш йора, коронавирус чу ца яийтархьама, цу дийнера схьа республике ур-атталла Нохчийчоьнан бахархой а буьтур бац ша бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG