Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, керлачу коронавирусан ун уггар а лакхарчу тIегIане гIоьртина, яздо ТАСС агенталло.
"Оперативан штабана а, министрийн кабинетна а тIедиллина ас, карантинан раж гIелъеш шолгIачу муьре дерза оьшу аьлла. Кху деношкахь шайн белхан план кховдор ю цара соьга. Тхуна хетарехь, пик гIаьттина, эпидеми лахлур ю аьлла, ладоьгIуш ду тхо. Жимма собаре хила деза адам", - аьлла Кадыровс.
Иштта цо билгалдаьккхина, регионерчу массо а сферех пандеми хьакхаелла хилар а.
"Экономикехь эшам бу, социалан сферашкахь а зенаш ду, схьаелла езаш дуккха а объекташ ю, бакъду, цхьанхьа а цигахь болх сецна бацара. Белхазалла 1 проценте хьалаяьлла, иза а вайна йоккха проблема ю. Могушалла Iалашъярехь аьлча, баларш а дукха дац, дуьненчу девллачу берийн терахь алсамдаьлла", - аьлла Кадыровс.
ТIаьххьарчу зерашца, Нохчийчохь 1 152 ву коронавирусан ун даьлла, 698 дархочунна гIоле хилла, 13 пациент велла.
Зазадоккху-баттахь дуьйна республикехь кхайкхийна карантин ю, бахархошна магош дац бахьана доцуш буьйлабелла лела. Зазадоккху-бутт юккъе баьллачу хенахь схьайиллира цхьайолу туьканаш а, нахана хьелаш хIитто сервисаш а.