ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерриг дуьне дара хIирийн йоI кIелхьарйоккхуш


Персаева Арнелла, скриншот
please wait

No media source currently available

0:00 0:03:09 0:00
Линкана тIе

Шо сов бен хан йоцчу Арнеллина орцахбевлла, эцна наха дуьнентIехь уггаре деза лору молха

ДIадахначу кIиранах лахьийна даьлла БуьритIерачу дилх ца кхуьучу йоIанна ахча. Цунах боккха кхаъ хилла ерриг а Къилбаседа ХIирийчоьнна.

Красноярскерчу маьIданийн магната, футболан «Алания» тобан президента Гуриев Владимира шен накъостаца-совдегарца Дзгоев Тамерланца цхьаьна тIе ца тоьу 50 миллион сом даларо цхьана ханна коронавирусан тема а тIехь йицъяйтира республике.

Ахча гулделла цхьа шо ах шо долчу Персаева Арнеллин могашалла денъян юьсу хан тIекхача нийсса итт де долуш. Ткъа Гуриев, ша динчу гIоьнан мехалле хьажжина, къоман турпалан дарже кхачаво тахана хIираша.

Ша Гуриевс дIахьедина, сагIа мел динарг хир ву – хуьлда цо делларг сом я миллион – йоьIан могашалла меттахIоттийнарг, аьлла.

Жимачу Арнеллин дахар дIадахдан хьаьвзинчаралахь цхьа стаг ву шенна меттиг кхочуш. Футболан видеоблогер Савин Евгений ву иза. Пандеми чураяьлла яьржинчу, нехан тидам цунна тIехь бен боцчу деношкахь бира Савина ерриг а Оьрсийчоьне кхайкхам, довлахьара шу, нах, Арнеллина орцах, аьлла. Цуьнан дешнаша са меттахдаьккхира массеран а.

Ахча лахьор халачу хьоле доккхуш, цIеххьана хьалабелира долларан мах а. Дуьйцучу молханах, Америкехь ечу Zolgеnsma препаратах доккху $2,4 миллион – соьмашка диллича, цIен мах. Цундела а хеталора, гуллур дац Арнеллина молха эццал ахча, олий. Кхачийнера массо а некъаш – бала кхаьчна журналисташ а, блогерш а, бизнесхой а, Европера артисташ а бевллера шайга далург дина.

Эццахь шега хьалхе дIаийцира Савина – цо футболан «Сочи» тобанерчу Кокорин Александрца эфирехь къамел деш айбира йоьIан лазарца болу гIайгIа, элира, ша дакъа лоцур ду ахча гулдеш, доьхур ду изза дар премьер-лигерчу футболхошка а. Кокорина а диллира гулдечу ахчанна юкъа цхьа миллион сом, иттех миллион сагIадира кхечу спортхоша а. Савина йоIанна орцахбехира артисташ Крид Егор а, Киркоров Филипп а. ЙоьIах лаьцна шайн эфирашкахь дийцира бевзаш болчу журналисташа Ургант Ивана а, Познер Владимира а.

Арнеллина орца дехначул Савина тIаьхьа цуьнан йоллу цамгар йолчу берийн дай-наной буьйлу блогерца зIене, доьху шайна а гIодар. Цунна хаьара иштта хир дуйла, амма кхетара, массарна а гIо далур доцийла.

"Соьга хIора дийнахь яздо. Хьо нахана вевзаш велахь, йиш яц иштачух хьолах къайлавийла, хьулвала, цомгуш долчу беранна хьо гIодеха волавеллехь, толаме кхаччалц деха деза и гIо массаьрга а. Ас Арнеллин кхолламехь дакъалаьцна, цуьнан ненаца зIене вийлина ца хеддаш. Бевзаш болчу наха массара а лаца деза дакъа иштачу меттехь", - боху Савин Евгенис.

Нервашца а, дилхаца а ду Арнеллин лазар. 6-10 эзар берах цхьаъ долу дуьнентIе оцу цамгарца. Лела а, кхача баа а, садаIа а новкъарло йо дилхан ген даима а мутацехь хиларо. И симптомаш чIагIъялале дан дезаш хуьлу дарба.

Стохка америкахоша кхоьллина Zolgеnsma ларало оцу цамгарна уггаре дика молха. Цо дIайоккху генашца кхоллаелла проблема. Тухуш берг бац лазархочунна цхьа маха бен а. Амма иза тоха беза цамгар гучуяла йолалушшехь.

Комментареш

New Comments Available
XS
SM
MD
LG