ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу отелашкахь дIатарвийр ву 600 медицинан белхахо


Нохчийчоьнан премьер-министр Хучиев Муслим
Нохчийчоьнан премьер-министр Хучиев Муслим

Соьлж-ГIаларчу хьешан хIусамашкахь, коронавирусан ун даьллачу нахана дарба ден 600 медицинан белхахо дIатарван Iалашонца, Нохчийчоьнан Iедалхоша регионалан бюджетера 25 миллион сом хьажор ду. ТАСС агенталло яздина цунах лаьцна, инстаграмерчу шен пена тIехь премьер-министро Хучиев Муслима бинчу хаамца.

"Соьлж-ГIаларчу "Тийналла", "Беркат", "Зама", "4 сезон" тоьллачу хьешан хIусамашкахь 600 гергга лор а, лор-йижарий а дIанисбийр болуш бу мехкан бюджетера къастийначу 25 миллион соьмах. Медицинан белхахошна аьхна хьелаш латтор ду, кхаа рожехь юург а хир ю, белхан меттигашка дIа а, схьа а лелор бу уьш", - аьлла Хучивс. Цо бахарехь, церан доьзалш уьнах ларбархьама, инфекци ца яржийтар Iалашонца дина ду иза.

ТIаьххьарчу хаамца, Нохчийчохь коронавирусан инфекци толлуш ю 5 422 вахархочуьнца, аьлла, хааме даьккхина мехкан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Верриг а ун даьлла ву 1 174 пациент. 745 – дарбан цIийнера араваьккхина, гIоле а хилла.

COVID-19 вирусах кхелхина Нохчийчохь 13 дархо. "18 стаг ву ледарчу хьолехь. Пехашна хIаваъ кхачочу аппараташна тIетесна бу уьш. Цул совнаха, 500 пациент ву кислородан гIоьнца латтош. Социалан дистанци а, гигиенан низамаш а лардар чIогIа мехал ду. Коронавирусан ун дIаса ца даржийта гIо хир ду цунах", - билгалдаьккхина министро Сулеймановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG