ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказехь "сий лардеш" нах байарх керла таллам бина бакъонашларъярхоша


Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а 2011-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц "сий лардеш" байинчийн хьокъехь кхайкхийна 43 кхелан сацам а теллина, жамIаш дина "Бакъонан инициатива" (Правовая инициатива) проектан эксперташа Сиражудинова Саидас а, Антонова Юлияс а. "Кавказ.Реалиино" довзийтина цунах лаьцна. Билгалъяьккхинчу заманчохь цу кепара 55 зулам дина оцу республикашкахь.

"Ма-дарра аьлча, бекхам беш, йа эмгараллана тIехула, йа билггал хиллачу, йа шаьш кхоьллинчу бахьанашца лелийна ду и зуламаш.
"Сий дайина" аьлла, эладитанийн, харцонийн бух тIехь шеконаш кхоллаелла зударий, дозанех бевлларш санна лоруш бу. Оцу гурашкара бевллачарна таIзар до, уьш байа а бойуш", - яздо эксперташа.

Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байар къаьстина хIума дац, аьлла, хьесапе баьхкина таллам бинарш. Цара дийцарехь, зударшна а, мехкаршна а тIехь еххачу заманчохь Iаткъамбой, уьш сийсазбой, цул тIаьхьа дерзош ницкъбо.

Цул сов, яздо эксперташа, божарий хIаллакбо кест-кеста, бахьана хила тарло, и стаг гей ву аьлла, тусадалар. Проблема коьртачех хилар билгалдоккхуш, "Правовая инициатива" проекто убийствачести.рф. цIе йолу сайт схьайиллина. Цуьнан агIонехь карлабохуш хир бу кест-кеста цу кепарчу зуламех хаамаш, ткъа иштта лелор ю статистика а.

Хьалхо проекто цу сингаттамах рапорт арахийцира. 70 респондентаца интервью йинера авторша байинчийн гергарчаьрца а, лулахошца а. Иштта дийцарш дIадаьхьира эксперташца а, имамашца а, юкъараллин жигархошца а, бакъонашларъярхошца а, адвокаташца а, журналисташца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG