ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили вер талларехь дакъа лаьцна дац Оьрсийчоьно аьлла Германин Iедалша


Хангошвили Зелимха
Хангошвили Зелимха

"Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцна Хангошвили Зелимха Тиргартенехь вер талларехь дакъалаьцна дац Оьрсийчоьно", - дIахьедина Германин арахьарчу гIуллакхийн министраллан (МИД) векало Адебар Марияс, яздо "Интерфакс" агенталло.

Оцу зуламца доьзна, тарлой Берлино Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яха аьлла, шега деллачу хаттарна жоп делла Адебара.

"Инарла прокуратуран Тиргартенехь стаг верах талламбар хIинца а дерзанза ду, цундела хууш дац, муха йоьрзур ю процедура", - аьлла, жоп делла министраллан векало.

Де хьалха Германин МИД-о дIахьединера, Оьрсийчоьнан цхьаболчу векалшна дуьхьал керла санкцеш яха тарло, бундестагана кибератака ярна аьлла. Пачхьалкхан Iедалхоша Тиргартенехь динчу зуламан контекстехь къастош ду и гIуллакх. Хьалхо Оьрсийчоьнан векалтан ши белхахо махкахваьккхира Германино оцу тIехула.

Иштта Адебара билгалдаьккхира, кху беттан 29-чохь Оьрсийчоьнан векал Нечаев Сергей формалан кепара кхайкхийна вацара министралле, бундестагана динчу кибер тIелатарх къамел дан кхайкхийнера иза аьлла. Статс-секретарца хилла цуьнан цхьаьнакхетар, ткъа къамел конфиденциале дара.

Германин коьртачу гIалахь Берлинехь Маобит кIоштахь, вилспетана тIехь хиллачу мила ву ца хуучу стага герз тоьхна вийра стохка Марсхьокху-баттахь нохчийн мухIажар Хангошвили Зелимха. Цул тIаьхьа зуламхо къайлаваьлла, хаам бо Deutsche Welle.

Хангошвили Зелимха вевзаш волу нохчийн тIемало вара. Иза схьаваьллера Гуьржийчуьрчу ПIаьнгаза чIожера. 2015-чу шарахь Тбилисехь гIалин юккъехь машенахь схьавогIучу цунна вен дагахь 4-зза герз тоьхнера муьлш бу ца хуучу наха. Амма чевнаш хиллачу Хангошвилин аьтто белира уллерчу дарбанан цIийне дIакхача. Цигахь Iожаллах кIелхьарваьккхира иза лоьраша.

Цул тIаьхьа Хангошвили дIавахара Гуьржийчуьра, цкъа дуьххьара Украине, тIаккха Германе. Цигахь политикан тховкIело ехнера цо немцойн Iедалшка.

Нохчийн хилла тIемало гIарвелира 2012-чу шарахь Гуьржийчуьрчу Лопота чIожехь хилларг бахьана долуш. Цигахь Марсхьокху-бутт чекхболуш гуьржийн ницкъаллин структурийн белхахоша тIом бира нохчийн тIеман тобанца. Хангошвили юкъарло лелош вара шина агIонна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале иза дуьненаюкъарчу лехаме велира Оьрсийчоьнан Iедалша.

Ша Хангошвилис цкъа а ца лечкъадора ша Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом бина хилар. Тбилисехь ша вен гIоьртинарш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашкара нах бу аьлла хетара цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG