ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара юкъара транспорт йолаелла


Соьлж-ГIалара юкъара транспорт болхбан йолаелла. Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Нохчийчуьрчу транспортан министралло дIахьедира, гIалин юкъарчу транспортан болх сацош бу, коронавирусан инфекци яржарца доьзна аьлла. Оцу беттан 18-чохь дуьйна цхьайолу юкъара транспорт юха а йолаелира. Ткъа Соьлж-ГIаларчу маршрутан таксин болх юкъахбаьккхира, пассажираша низамаш лардеш цахиларна. Беттан 27-чохь юха а магийра таксишна болх бан.

"Кавказский узел" агенталле транспортан министраллан векало дийцина: "Марха даста кечлучу заманчохь "Беркат" базара гIоьртинера массо а, дукха хьолахь, зударий бара уьш. Машенашна урхалла дечара низамаш ма дохаде бохушшехь, "Газель" олу машенаш дIаюзуш, дукхахберш масканаш йоцуш бара. Боккха кхерам тосура цара, инфекци яржарна. Цундела совцийнера. Ткъа хIинца юха а болх бан йолаелла юкъара транспорт. Коьртаниг, цара низамаш Iалашдар, салон 50 процентна бен юьзна а йоцуш лелор, пассажирашкахь масканаш а, дIасабаха бакъо лун кехат карахь хилар а ду", - аьлла, дийцина транспортан министраллан белхахочо.

Цо бахарехь, Соьлж-ГIалахь болх беш ю 64 микроавтобус, ткъа хIора кIоштахь йиъ-йиъ маршрутка ю. Цул сов, гIалахь болхбан магийна таксомоторан шина паркана.

Нохчийчохь CОVID-19 ун даьлла 1 192 стаг ву, 787 -- дарба хилла, 13 стаг велла. Зазадокху-баттахь дуьйна карантин ю юкъаяьккхина Нохчийчохь, цхьа бахьана а доцуш аравала бакъо а йоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG