ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь оршотан дийнахь стаг вер чIирца дузу талламо


Мангал-беттан 1-чу дийнахь Яндаре юьртана гергахь Падиев Башир вийна хила тарло чIир оьцуш. Иштта ю талламчийн верси, хаам бина "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайчуьрчу Таламан комитетан урхаллин векало.

"БатIал-Хьаьжин вирдера мурдаш бу уьш. Дуккха а хан ю царний, вийначун доьзалний юкъа дов доьлла", - элира хьосто.

Хаийтина ма-хиллара, федералан "Кавказ" некъа тIехь иккхина инцидент. 41 шо долу бизнесхо Падиев хилла шен Chevrolet машенахь, цунна маса топ йиттина цуьнца дIанисъеллачу Lada Granta машена чуьра.

Полисхошкахь йолчу информацица, лазийначун аьтто баьлла машен меттахъяккха, амма дIатоьхна иза некъ боькъучу духьалонах. Герзахочо, машена чуьра охьа а иккхина, кхин а тIе герз диттина Падиевна.

Цул тIаьхьа ша зулам динчуьра къайлаваьлла тIелеттарг. Хан гена ялале, цуьнан Lada Granta схьакарийна Несарна уллерчу Сурхохи юьртахь.

ЧIир екхарх йолу верси ю талламчаша зуьйш. 2014-чу шеран бIаьста вийначу Падиевн вашас, Хизара, дов иккхинчохь чевнаш йинера кхаа вешина ОлиговгIарна, цхьаъ царех, 41 шо кхаьчна Олигов Iиса велира.

Падиев Хизарна кхело 2015-чу шарахь 6 шо хан туьйхира набахтин луьрачу хьелашкахь такха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG