ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "5G юьйцу аш, 4G-станцеш а яц вайн-м тоъал"  


Нохчийчохь зIенан 5G-станцеш ю дIахIиттош, аьлла яьржина информаци харц ю, хаам бина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехула.

Керлачу технологино адамийн могашалла талхайо, бохуш, даьржинчу хабаран хьокъехь цуьнан къамел хилира "Грозный" телеканалан директорца Дудаев Ахьмадца ечу эфирехь.

"Масала, Нохчийчуьрчу Роскомнадзоран урхаллин куьйгалхочо Мунаев Адама яц боху йохкуш я вайн махкахь а, я Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а 5G- станцеш. Уьш яхка оьшу коьрта хьал а дац нисдина – зIенан канал". Иштта довзийтира Кадыровс шена оцу хьокъехь хиинарг.

Нах 5G йийца бевллехь а, яц Нохчийчохь массо а метте дIасакхочуш ур-атталла 4G-зIе а, "телефонан операторшца и зIе шоръяр дийцаредеш Iа тхо", - элира Кадыровс.

Цо бахарехь, мехкан маьIданаш толлуш лелачу гелогийн техника гинчу наха даржийна эладита.

"5G-станцеш ца яхкийта" арабевлира хьалхо Дагестанерчу Керла Чиркей юьртара бахархой, шайн юьртара телефонан станци йохаяй дIаяккха, бохура наха. 5G зIе ю юьллуш бахар бух боцуш хабар ду, цхьана зуламечу Iалашонца даржош а ду иза, юьйцу станцеш махка кхача аьттехьа а дац, жоп делира бахначу баттахь Дагестанан зIенан министралло.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Ногир юьртан йистехь ягийра бахархоша шайн кхетамехь "са мел долчу хIуман заррат йохош йолу" МТС компанин зIенан станци Стигалкъекъа-беттахь.

Оцу юкъанна дохкархоша рекламе даьккхина 5G-нах адам лардеш долу крем. Оцу креман жимачу гIутакхах Ставропол-махкахь 2000-4500 сом доьху, Дагестанехь – кIезиго.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG