ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доллар 90 соьме, белхазалла 8 проценте кхочур ю, боху экономисташа


Карара шо доьрзуш ахча, дай а делла, цхьана долларх 90 сом лучу кхача тарло, боху макроэкономикан зерийн а, сихха прогноз хIотторан а Центро (ЦМАКП). Цунна гарехь, коронавирус гурралц лаьттар ю зенаш деш – иштта ю Центро хиндолчух хIоттийначу кхаа сценарех цхьаъ.

  • Коьрта сценарий. 2020-чу шеран уьссалгIачу а, итталгIачу а беттанашкахь карантин кхайкхор ю юха а. ТIедогIучу шарахь белхазалла хир ю 8% кхочуш, ткъа 2022–2023-чу шерашкахь - 7%. Алапаш кхушара лахлур ду 4,5–4,8%, ткъа кхиа дуьйлалур дац 2023 -чу шарахь бен. Долларан барам лаьттар бу 90 соьманна гергахь.
  • Ирча сценарий. Оьрсийчохь карара шо доьрзуш йолаелла, тIедогIучу шеран бIаьсттеналц лаьттар ю уьнан рогIера карантин. Мехкдаьттан, газан мах лахара латтар хир бу дуьненан экономикан кризисан хьалхара битам. Оцу хьелашкахь вуно бале хир ду хьал Оьрсийчохь – белхазалла кхочур ю 10,5–10,7% кхушара, ткъа тIедогIу шо доьрзучу муьрехь - 9,0–9,5%. Долларан курс 100 кхочур ю.
  • Хуьлийла луу сценарий. Кху беттан юккъехь чекхйолу нехан изоляци. Коронавирусан шолгIа тулгIе хир яц. Сихха меттахIуьтту мехкдаьттан мехаш, хир яц дуьненан экономикехь кризис. Белхазалла 5,3–5,6% хир ю, тIедогIучу шарахь кхиа дуьйлалур ду алапаш 0,5–0,7%. Карара шо чекхдолуш долларан мах 85 соьме кхоччуш бен хир бац, 80 соьме охьабер бу тIаьхьо.

"2009 шарахь хиллачу кризисо 8% кхачийра белхазалла. Кху кризисо сов лакхайоккхур яц белхазалла. Нехан рицкъ лахдалар хир ю коьрта проблема ", – аьлла РБК агенталле Оьрсийчоьнан халкъан бахаман академин (РАНХиГС) прогнозиста-Iилманчас Ляшок Виктора.

Белхазалла 8–10% кхачар тIех кхераме дац, аьлла хета оццу академерчу къинхьегаман хьелийн а, пенсийн системийн а лабораторин куьйгалхочунна Гришина Еленина. "Хьал халачу дала тарло, нагахь санна белхазалла лакхарчу тIегIанехь сов дукха латтахь", - аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG