ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЦIечу зоне" яьлла Кхарачой-Чергазийчоь


Iедалхоша коронавирусах дечу дIахьедарша скандал гIаттийна республикехь

COVID-19 коронавирусан пандемих Кхарачойн Чергазийчоьнан Iедалша ма-дарра дуьйцуш цахиларан бахьанашца йоккха политикан скандал иккхина цигахь, яздо "Эхо Кавказа" гIирсо. Официалан зерашца, Оьрсийчоьнан цу регионехь 1 276 вахархо бен вац коронавирусан ун даьлла, велларг 6 ву. Ткъа оппозицин "Политика 09" ресурсо Iорадаккхарца, республикехь эпидеми яьржичхьана кхелхина мел лахара а, 119 дархо. Оцу юкъанна, яздо "Эхо Кавказа" хьостано, регионерчу дарбан хIусамех таламаш беш ю Оьрсийчоьнан Инарла прокуратура.

Карарчу беттан 3-чохь Iуьйранна йовзийтинчу официалан статистикаца, COVID-19 вирус кхетта эпидеми чуеачхьана 1 276 стагана, царах тIаьххьарчу буса а, дийнахь а ун къаьстина 72 пациентах. Дарба хилла 348 вахархочунна, велла ялх дархо.

Бевзаш болчу лоьрийн тешам алсам болчу оппозицин "Политика 09" сайто даладо альтерантиве зераш. Церан информацица, махкахь 3 000 гергга ун даьлла ву, мел лахара а 119 пациент велла. Кхарачойн Чергазийчоьнан бахархойн терахье диллича, официалехь бIостане делахь а, Къилбаседа Кавказан гонашкарчу субъекташлахь уггар а цатаме республика ю иза. Мехкан Iедалхоша йовзуьйту яйн статистика бахьана долуш, царна шайна дуьхьал даьлла гIуллакх. Бахархоша чукхачочу латкъамашна тIехула республикана федералан бIаьрг тIехIоьттина. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, Кхарачойн Чергазийчохь бутт карабеачхьана талламаш болийна.

Махкахь эпидеми яьржичхьана меттигерчу бахархойн а, медицинан белхахойн а бакъонаш хьешна меттиг толлуш, бинчу белхан жамIаш шега схьахаийтар тIедиллина Бастрыкина. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан официалан векало карарчу беттан 2-чохь хаам бира, талламчаша бехкзуламан гIуллакх долийна, коронавирусаца болх бечу лоьрашна ло аьлла, билгалдаьккхина ахчанаш, дIа ца кхачорна аьлла.

Кху заманчохь Кхарачойн Чергазийчохь 630 маьнга а хIоттийна, 4 госпитал ю болх беш. Гергарчу заманчохь Iедалхоша кхин а цхьаъ, 70 меттиг а болуш, дарбан хIусам схьайоьллур ю бохуш, чIагIонаш йо. Делахь а, тоаме хир бац йа лоьраш а, йа меттигаш а.

Вевзачу лоьраца цхьана дийнахь исс стаг зIене ваьлла, шаьш муха дарба дан деза COVID-19 вирусана бохуш, хоьттуш. Цхьанхьа а кхача аьтто боцу нах бу уьш. Церан дехарца суна вевзачу лоьро телефонехула консультацеш дIахьо, масала, пульменологашца. Цомгашчаьргахь долчу хьолах ша лоьрашка а дуьйцуш, дарба хьоьхуьйту цу лоьро шега орца доьхучу пациенташна.

Цхьаммо ала тарло, оцу практикаца - массо а низамаш дохош ду, амма, дукха хьолахь, шен хеннахь дархочунна дарба кхачон кхин некъаш диссина а дац.

Республикера компьютеран томографи йоккху аппарат тIехюьзна ю. Дийнахь а, буса а къахьоьгуш бу цигара говзанчаш. Санитаран авиацерчу хьосташа дийцарехь, кест-кеста нисло, томографи ян пациентана тIаьхьабахар церан буса кхо сахьт даьлча. Дархой а, церан цIеранаш а оьгIаз а оьхуш, кхаьргара маьттазчу маттаца бехкаш дохуш хуьлу.

Жим-жима доьдуш COVID-19 вирусаца лаьтта хьал кIажбухе дахарх дуьйцу бевзачу лоьраша. Юьхьанца дуьйна госпиталашкахь меттигаш бара кечбеш коронавирусан ун даьллачу нахана лерина. "ЦIечу зонехь" оьшуш долчу массо а хIумана само латтайора цигахь: медицинан гIирс а, индивидуалан уьнах персонал Iалашъен барзакъ а, медикаменташ а.

Ас къамел дира цхьана дарбан хIусаман хьаькамца. Белхахошлахь цхьа стаг цомгаш хилла вац цуьнан, йа цкъа а молханаш тоаме дацара аьлла, латкъамаш хазийна а вац иза. ХIетте а, пандемина кечлучу заманчохь цуьнан поликлиника а, сихаллин гIо кхачон бригадаш а дикка оьшучух тоам боллуш дIаюьзна а яцара. Уьш дагахь хиллера, жимма а контакт хилла цомгаш нах катоьхна госпиталашка дIахьийсор бу аьлла. Ма-дарра аьлча, иштта ца нисделира.

Нислойда а дац, хIунда аьлча, госпиталш юьзна ю, цу тIе цхьаболчу нахана цIахь дарба лело деза. Ун даьллачу нахана тIехь контрол латто дийзира уьш бехачу меттигашкахь векал бинчу лоьрийн. Ткъа цаьргахь, лакхахь ма-аллара, эпидемих Iалашвен оьшу гIирс бац. Лоьраш цомгаш хила буьйлабелира, тIаккха къоьлла хIоьттира дарбан хIусамашкахь а.

ХIинца лоьрийн могIаршкахь дезертиралла а леладо: поликлиникашкара, йа стационарера лоьраш болх бан госпиталашка дехьабуьйлу.
Турпалалла ю аьлла хета, цкъа делахь, ткъа ма-дарра аьлча, идар ду-кх иза, хIунда аьлча, госпиталашкахь уьнах ларлойла ду церан.

Черкесскерчу сихаллин гIо кхачочу машенашкара персонал цхьана а кепара ларбала йиш цахиларна, царлахь 19 стагана ун делира, ткъа цхьа машенлелорхо кхелхира. Коронавирус кхеттачу нахаца болх бечу медицицнан персонала могIаршкахь бац уьш бохуш, юьхьанца цхьана а агIор ларбеш ма бацара машенашлелорхой. Кисех йина медицинан масканаша а, оццу кIадех тегна, чекх са гуш йолчу тIехула юхучу халаташа а эпидемих Iалашбийр бу ала, мотт ца керча.

Цундела Черкесскерчу сихаллин гIо кхачочу 11 экипажах смене йолу цхьа машен. ХIоразза хлоркица цIанъян езаш ю карета, цул тIаьхьа цIечу лампица дезинфекци а еш. Оцу процедурано дIалоцу дийнна сахьт гергга хан. Шина сахьтера ялх сахьте кхаччалц бахархой лоьрашка хьоьжуш хуьлу. Оцу машенаш тIехь болх бечу 40 лоьро, шаьш кхин дIа ловр бац и бала аьлла, балхара дIадовлуш, кехаташ чуделла.

Шайн белхан декхарш бахьана долуш, дерриг а хаа дезачу наха а ца бевллачу деннца бен ца дуьйцу ситуацех лаьцна. Цуьнан а шен бахьанаш ду. Республикера Iедал къийсарехь катализатор хилла дIахIоьттина пандеми. Къоман хаттар лорура хIинццалц цуьнан тема.

Масала, дагалоцур вай, ГIебарта-Балкхаройчохь кегийрхойн къаьмнийн билгалонаш тIехула Гунделен эвлахь хиллачу конфликтна тIехула даржах вохийра республикан ши куьйгалхо.

Ткъа хIинца, схьагарехь, изза губернаторш бохо таронаш гучуевлла пандемица а. Цундела, цхьайолчу Iаткъамечу тобанаша долчух кхин тIе а дарстош дуьйцу, вукхара- дайдо.

Оцу маьIнехь аьлча, ситуацех комментареш яр - цхьаьннан хьера тIе хи диттар хуьлу.

Медицинан юкъараллехь а хааелла цхьа интересе тоба- могушаллин министраллехь коьртачу лоьрийн даржаш къийсар чIагIдина пандемис. Оцу бахьанашца, цхьана бакъхьарачу адамна ситуацех лаьцна дийца ца лаьа, ша а цу къийсамехь болучаьрца ву моттадаларна кхоьруш.

ТIехула тIе, цара шаьш билгал ма даккхара, и скандал адамца бала болуш, гIаттийна яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG