ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Динозавран ларш толлуш бу Ставрополера Iилманчаш


Iилманехь шех игуанодон олучу саьрмакан ларш карийна Ставропол-махкахь, миллионаш шераш хьалха яьхначу оцу дийнатан ларш хIинццалц хааелла а яцара Оьрсийчоьнан территори тIехь, боху геофизикаша.

Ларш физикан а, химин а буха тIехь толлуш ю карарчу хенахь. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бира Къилбаседа Кавказан федералан университетан геофизикан а, пайде маьIданаш толлучу а кафедрин доцента Якушев Валерийс.

"Цхьайолчу хьосташа бахарехь, и тайпа ларш цкъа а ца хааелла Оьрсийчоьнан лаьтта тIехь, амма карийна Туркменистанехь а, Гуьржийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а", - дийцира Iилманчас.

Ставрополна хи латточу хьукматан декъа тIехь лаьттачу экъанца йисина 120-140 миллион шо хьалха динозавро йитина лар – кхо тонн езачу дийнатан тIодийн кхо сурт ду дуьйцург.

"Бердах пхи метр чуяхна йолчу экъанца ю и ларш", - билгалдаккхира Якушевс.

И экъа, молу хи латточу территори тIера дIа а яьхьина, нах хьийсийта, гергарчу цхьана парке охьайилла лаам бу Ставрополерчу Iилманчийн. Амма еза а, йоккха а ю экъа, цундела атта дац лаам кхочушбан.

Къилбаседа Кавказехь дуккха а ю палеонтологийн тидам тIебахана меттигаш. Масала, Кхарачой-Чергазийчохь, Джигута хин Iинца карийна хIорда чохь баьхначу саьрмакан, ихтиозавран, букъдаьIахк. Массех ю Кавказехь дуьнентIе дуьххьара девллачу олхазарийн-гигантийн чалхаш карийна меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG