ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бомба йиллина аьлла, кехат а кхачна, теллина Абхазера Оьрсийчоьнан векалт


Абхази
Абхази

Ша-шена пачхьалкхан статус кхайкхийначу Абхазера Оьрсийчоьнан векалт эккхийта кечъеш, бомба ю йиллина, аьлла, хаам кхаьчнера меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле Мангал-беттан 5-хь Iуьйранна 11 сахьт долуш. Ткъа де хьалха, сарахь, электронан кехатехула изза хаам кхаьчна хиллера Оьрсийчоьнан дипломаташка а.

Оьрсийчоьнан векалт лаьтта Сухумера Аидгыларан урам бара делккъехь къевлина, ткъа гIишло толлуш яра жIаьлешца. Чоьхьарчу гIуллакхийн ницкъаша а, мехкан кхерамзаллин урхаллерчу говзанчаша а, Орцан министралло а теллина Оьрсийчоьнан векалт а, цунна гонахара меттигаш а, амма оьккху коьчал ца карийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG