ХIинжа-ГIалин йистехь майнинг-ферма (интернетехула лела криптовалюта доккху компьютерийн система) Iораяьккхина полицино. Электроток йиина фермано 34 миллион соьманна, боху Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто.
Талламо дийцарехь, бутт хьалха 30 шо долчу ХIинжа-ГIалин вахархочо Керла Хушетерчу гIишлошъечу базин декъа тIера мехах чоь схьаэцна хилла лело. Цу чохь хIоттийна хилла криптовалюта даккха майнинг-ферма.
"Зуламхочо ферма латторхьама ша лаьцначу меттигна тIеялийна базина уллехула чекхйолу ток, цунах тесна компьютерийн ситема", - боху хаамехь.
Полисхошна компьютераш йоцуш, интернет-валюта доккху 518 гIирс а карийна зераш деш.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!