ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уьнах ларлуш тоьхна карантин малъеш ю ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIедогIучу оршотан дийнахь малбан болор бу ГIалгIайчохь эпидемица боьзна бахархошна хIиттийна бехкамаш.

Оцу хьокъехь омра арахецна мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Белхаш бан йолалур ю бахархойн хьашташ кхочушден меттигаш, хIуманаш тоьгу а, юьтту а фирмаш, юристийн хьукматаш.

Шайн роже йоьрзур ю автовокзалаш а, «Магас» аэропорт а. Болх бан юьйлалуш ю 400 еакӀов метре ца кхочу туьканаш а, ерриг дарбан хIусамаш а.

Делахь а, тIехь дуьсу вахархочунна маска лелор, 65 шарал воккхаверг сацавезар ву цкъачунна цIахь. ТIера ца долу сих-сиха дезинфекци яр а.

ТIаьххьарчу кIиранах коронавирус кхеттачу нехан терахь лахдала доьлла ГIалгIайчохь. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бахарехь, цомгуш хиллачех 60% нах тобелла. Таханенна йолчу официалан информацица, COVID-19 хьакхаелла махкахь 2 307 стагах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG