ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш долчуьра цхьа бизнесмен-нохчо «эхь-бехк доцург» ву, иза «сацавахьара», доьху Кадыровга Ханты-Мансийн махкарчу Лянтор гIалин мэро


Ханты-Мансийн автономан махкарчу Лянтор гIалин мэра Махиня Сергейс социалан машанашкахула видео-дехар хьажийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, Пачхьалкхан Думин депутате Делимханов Адаме а, шаьш долучохь вехачу бизнесменах-нохчочух Абдулвахабов Iисана арз деш.

Махиняс бахарехь, гIалахь цул 7 шо хьалха мэран даржехь Iийначара а доьхуш хилла совдегаре, меттигера гIишлош еш цо дитина кхачамбацарш дIадахар, масала, Звездный” спорткомплекс “а, “Оазис” ресторан а тоеш. Мэро дийцарехь, нохчочо белхаш бина, оьшу кехаташ кхоччуш кечдина а доцуш.

Абдулвахабовс шен гергарчу стаганна тIе а язйина, гIаларчу некъайистехь йина цхьа кафе талла баханера мэрин белхахой а, журналист а, амма «Иса Ахметовичас ша хам вуйла гайтира, журналистера видеокамера дIаяккхарца», - леткъа мэр.

Хьехаво Махиняс бизнесменан воI а. Иза ЛДПР парте ваьлла, коррупцица къийсавала воллу ша аьлла, амма мэрна хетарехь, «бекхам бархьама лела» Аьдулвахабов-жимханиг.

Совдегарера маьттаза смс-аш кхочу шен зудчуьнга а, йоIаршка а, ша “борша стаг ву, ловр ду иза, амма йоIаршна а, зудчунна а хала ду шайх “наркоманаш“ бохуш хилча – Иса Ахматовичера кеп-кепара смс-аш а, видео а кхочу цаьрга“, леткъа мэр.

ШолгIа де ду Махиняс видео яржийна, амма цкъачунна хууш дац, муха тIеэцна Нохчийчохь цуьнан арз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG