ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 12 стаг, цомгуш хилла - 568


Cherkessk, Karachay-Cherkessia, coronavirus, hospital, red zone, doctors, masks / Черкесск, врач
Cherkessk, Karachay-Cherkessia, coronavirus, hospital, red zone, doctors, masks / Черкесск, врач

Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабан тIаьххьарчу хаамца, коронавирусах дийнахь-буса Дагестанехь велла 5 стаг, Ставропол-махкахь – 3, ГIебарта-Балкхаройчохь – 2, Краснодар-махкахь а, Кхарачoй-Чергазийчохь а – цхьацца.

Юхьанца дуьйна уьнах кхелхина Къилбаседа Кавказехь 576 стаг.

Бохаман терахьаш иштта ду (цомгуш хилларш - дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а):

  • Дагестан +115 (5858)
  • Ставропол-мохк +89 (3079)
  • Краснодар-мохк +87 (4399)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +76 (3348)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +75 (1580)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +42 (3283)
  • ГIалгIайчоь +35 (2342)
  • Адыгей +30(1025)
  • Нохчийчоь +19 (1345)

COVID-19 цамгар кхетта ерриг а хенахь Къилбаседа Кавказехь 26 259 вахархочунна. Ткъа пачхьалкхехь и терахь ду 467 673.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG