ТIедогIучу пIераскана (Мангал-беттан 12-чу дийнахь) схьадоьллур ду ГIалгIайчуьра маьждигаш. Рузбана баха мегар ду бахархошна оцу дийнахь, аьлла мехкан муфтиято.
«Амма», аьлла, беш бу и кхайкхам – юкъахь ламазаш дан мегар ду нахана, нагахь санна оцу хенале махкахь коронавирусо ден зенаш лагIлахь.
Къилбаседа Кавказан массо а мехкашкахь, коронавирусах халкъ лардеш, къевлина лаьттина маьждигаш Зазадоккху-беттан юккъерчу деношкахь дуьйна схьа.