ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь коронавирусах кхин а цхьаъ кхелхина


Нохчийчоь, Соьлж-ГIала, 2020
Нохчийчоь, Соьлж-ГIала, 2020

ТIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь коронавирусан уьнах велла кхин а цхьа дархо. Махкарчу могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана дина иштта дIахьедар, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Тахалерачу дийнахь лоьраша вирус толлуш ву 5953 вахархо. Ун къаьстина 1 345 стагах, дарба хилла 986 пациентана, COVID-19 вирусах цхьа стаг кхелхина, карарчу хенахь 15 вовшахкхетта уьш.

Коронавирусах Iалашдалархьама масканаш лелор а, социалан дистанци а, гигиена а ларъяр хьехна министро бахархошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG