ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КарабогIучу баттахь 12 пачхьалкхе кеманан некъаш достур ду Оьрсийчоьно


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Товбеца-беттан 15-чу дийнера схьа дуьйна 15 пачхьлкхашка кеманаш лелийта кечамаш беш ю Росавиаци, хаам бо РБК а, ТАСС а агенталлаша, цIарах ца йийцинчу авиакомпанерчу шайн хьосташна тIе а тевжина.ТАСС зорбан гIирсо дийцарехь, де хьалха тIеэцна бу цу кепара сацам. Роспотребнадзорца цхьаьна кечдийр долуш ду кеманаш лелар долчу пачхьалкхех тептар.

РБК-но хаам барца, Росавиацино дозанаш дастар хьехна уггар а хьалха Европерчу пачхьалкхашца а, Туркойчоьнца а, Китайца а, Къилба Корейца а. Ткъа "Интерфакс" тешна ю, уггар а хьалха Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Юкъарлонан мехкийн а (СНГ), Евразин экономикан юкъараллан а – Белоруссица а, ГIиргIазойчоьнца а, Таджикистанца а, Казахстанца а, Узбекистанца а лаьтта дозанаш доьллур ду аьлла.

Зазадоккху-бутт бовш коронавирусан эпидеми бахьана долуш Оьрсийчохь совцийна ду кеманийн гIовттар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG