ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британехь эзарнашкахь нах протесте бевллера расизмна а, полицин шогаллина а дуьхьал


Лондонехь хIоттийна протестан акци
Лондонехь хIоттийна протестан акци

ШолгIа де а ду Британин масех гIаланашкахь эзарнаш нах расизмна а, полицин шогаллина а дуьхьал демонстраци буьйлу, яздо казахийн Азаттык сервисо (Маршо Радио) . Black Lives Matter (Iаьржачийн дахар а ду маьIне) цIарца кIиранан дийнахь дIаяьхьна протесташ яра, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь афроIамеркахо полисхочун карах веллачул тIаьхьа протесте буьйлучу меттигерчу бахархошна тIехIотта Iалашонца кхайкхийна.

Iамеркарчу Миннесотан штатерчу дарбан цIийнехь байначу беттан 25-чохь велира 46 шо долу афроIамеркахо, кIайчу эпсаро куьйгех гIоьмаш а тоьхна, лаьтта охьа а виллина, цуьнан лагтIе гола а таIийна, масех минотехь латтийча. Садукъалучу Флойда масийттазза мохь тоьхна хиллера: "Соьга са ца даIало" бохуш.

КIиран дийнахь 10 эзар гергга стаг Бристолерчу протесте велира. Царах цхьана декъо чукхоьссира 17-чу бIешерашкарчу леш бохк-эцархочунна Колстон Эдвардна хIоттийна хIоллам. Цул тIаьхьа керчохь баьхьна Эйвон олучу хи чу бахийтира.

Iамеркан векалтера дIа буьйлабелла, Британин премьер-министран Джонсон Борисан резиденци кхаччалц марш йира протестхоша Лондонехь. Полицино хаам бира, кху беттан 7-чохь шаьш Лондонехь масех иттаннашкахь нах лецна, маьрша демонстраци йирзинчул тIаьхьа аьлла.

Британин могушалла Iалашъяран министро Хэнкок Мэттьюс аьлла, протесташ бахьана долуш коронавирусан инфекци кхин а яржа тарло аьлла. Цо кхайкхам бина протестхошка, масканаш а лелош, вовшашна юкъахь дистанци ларъяхьара аьлла.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу демонстраце буьйлучу нахаца иштта шайн солидаралла гайтина Данин а, Венгрин а, Испанин а шахьаршкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG