ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах 12 стаг кхелхина, ун кхетта - 567


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а кхелхина коронавирусан уьнах 12 стаг. Вирус къаьстина кхин а 567 вахархочуьнца.

Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь кхелхина пхи дархо, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополан кIоштахь а шишша, Краснодаран махкахь а, Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а цхьацца велла.

Эпидеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а велларг ву 588 стаг.

Къаьсттина ун даьлла нах дукха билгалбевлла Дагестанехь – 112:

  • Дагестанехь +112 (5 970 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Ставрополан кIоштахь +88 (3 167)
  • Краснодаран махкахь +86 (4 485)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь +76 (3 424)
  • Кхарачойн Чергазийчохь +74 (1 654)
  • Адыгейхь +44 (1 069)
  • ГIалгIайчохь +26 (2 368)
  • Нохчийчохь +20 (1 365)

COVID-19 вирус гучуяьлчхьана Къилбаседа Кавказехь ун даьллера 26 826 вахархочунна. Йоллу Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла, оперативан штабан зерашца, 476 658 стагана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG