ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь коронавирусан уьнах велла 6 эзар гергга стаг


Коммунаркера коронавирусан ун даьлла нах охьабехкина дарбан цIа
Коммунаркера коронавирусан ун даьлла нах охьабехкина дарбан цIа

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь COVID-19 ун къаьстина 8 985 вахархочуьнца. Цхьа стаг сов ву де хьалха хиллачу статистикел а. Цхьана дийнахь кхелхина 112 стаг, терахь лахара ду кхул а хьалха гайтинчул а. Виъ эзар пациентана дарба хилла.

Оьрсийчохь коронавирусан инфекцех беллачийн официалан терахь 6 эзаре гIоьртина. Оьрсийчохь лелачу методикаца, коронавирусах белла массо а пациенташ бац COVID-19 вирусах кхелхинчийн тептарехь.

Пачхьалкхехь эпидеми яьржичхьана 476 эзар стагана ун даьллера. Дарба деш ду 240 эзарна. ГIоле хиллва 230 эзар пациентана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG