ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстремистийн тептаре баьхна гIалгIайн жигархой


Магасера митинг
Магасера митинг

Оршотан дийнахь экстремистийн тептаре баьхна ГIалгIайчохь лаьттинчу протестийн лидерш, яздо "Кавказский узел" агенталло. Жигархой Барахоев Ахьмад а, Ужахов Малсаг а бехкево экстремистийн юкъаррала вовшахтохарна, ткъа Чемурзиев Барахна а, Нальгиев Исмаилна а, Саутиева Зарифина а, Хаутиев Багаудина а, Погоров Ахьмадна а бехкаш дехкина, оцу юкъараллехь дакъалацарна.

ГIалгIайн жигархоша экстремистийн юкъаралла кхоьллина хилла боху, талламчийн верси абсурде ю аьлла адвокато Мальсаговс.

Дагадоуьйту, бакъонашларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лерира Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Чемурзиев Барах а, Саутиева Зарифа а, Хаутиев Багаудин а. Хьалхо жигархойн адвокаташа дIахьедира, экстремизмаллехь уьш бехкебеш, церан бакъонаш хьешна аьлла.

Зазадокху-баттахь, Iедалхошкара пурба а даьккхина, Нохчийчоьнца дозанаш билгалдохуш бинчу бертана дуьхьалбевллачу гIалгIаша хIоттийна митинг шолгIачу дийнахь полисхошца тасадаларшка йирзира. 50 гергга меттигера жигархо дIалецира ницкъахоша хIетахь. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакхаш айдира царна дуьхьал, митингашка кхайкхамаш барна а, Iедалан векалшна дуьхьало ярна а аьлла. Жигархойн хIусамех хьуьйсуш, леца болийра митинган инициаторш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG