ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фондо нускалш даладайта 10 миллион декъна


Зуда ялон таро йоцучу Нохчийчуьрчу 207 вахархочунна томах дала 50 эзар соьмаш декъна Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо Нохчийчохь. Коронавирусан эпидемина тIехула диттина дозанаш бахьана долуш ахча вовшахтоха ницкъ ца кхаьчначу нахана дIакхачийна ахчанан гIо. "Грозный" телеканалан сюжетехь бина цунах лаьцна хаам, яздо "Кавказ.Реалиис".

Республикан хIора кIоштахь вовшахтоьхна гIо оьшучу доьзалийн тептарш, билгалдоккху телехьожийлехь.

Яьржина коронавирусан инфекци бахьана долуш Нохчийчохь шога карантин кхайкхийраа Iедалхоша Зазадокху-баттхаь дуьйна. Туькана юург, я молханаш эца бен аравалар могуьйтуш дацара. Уггар хьалха Нохчийчохь болх бар дихкира Iедалша ериг ресторанашна а, косметикан салонашна а, ткъа иза коьрта гIуллакх ду меттигерчу дуккха а бизнесхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG