ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хьехамчас бехк баьккхина Ичкерин агIончашка


Нохчийчохь тIемаш боьлху хан, 1994 шо
Нохчийчохь тIемаш боьлху хан, 1994 шо

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчас, махкахь тIемаш боьлхучу заманчохь Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьттинчу Турлаев ШаIас емалбина "Масхадовна а, Ичкерина а ямартбевлла, Европе бевдда бахана" гIаттамхойн буьйранчаш а, министраш а. Цу хьокъехь цо еха интервью елла "Грозный" телеканална.

"Тахана царна эхь ца хета. Iамеркан байракх оьций, арабовлу уьш. [...] дуьнентIехь мел йолу байракхаш а товш ю царна, амма нохчийниг ца мега-кх", - боху Турлаевс.

Иштта, Кадыровн хьехамчас бакъ ца до, Нохчийчохь тIемаш бинчийн доьзалашна Iедалхоша новкъарло йо бохург а. Мелхо а массо а агIор Iуналла деш бу, боху, цу нехан.

Турлаевс билгалдоккху, Ичкерин некъа тIехь хиллачу наха махкана пайда беана цахилар. Ткъа Нохчийчохь президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан некъаца боьлхучара Дела дуьхьа а, нехан дуьхьа къахьоьгу, боху цо.

"Новая" газето яздарехь, 2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша лоьхучу нахана юкъатоьхна вара Турлаев. Цунна бехке дуьллуш дара цхьамогIа нахана дина тIелатарш вовшахтохар. Цуьнан цIе хьехош яра, масала, Пачхьалкхан Думин депутат хилла Ямадаев Руслан а, Кадыровн гIаролхо лаьттина Исраилов Iумар а вер хькъехь бинчу талламашкахь.

Иштта бехкедуьллу, мел лахара а, кхин а кхаа стагана кIелояр: Кадыровн мостагIчунна Ямадаев Iийсана а, Дагестанерчу Хасу-Юьртан мэрна Умаханов Сайгидпашина а, Норвегехь вехачу Очерхджиев Мохьмадна а.

Дагадоуьйту, Турлаев хьалха Нохчийчоь сепаратистийн гIаттамхойн могIанашлахь тIом бина ву. 2004-чу шарахь, чов хиллачул тIаьхьа, иза Оьрсийчоьнан Iедалшна тIевахара, Кадыровс юкъарло а лелийна. Амнисти йинчул тIаьхьа Турлаевх хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча.

Турлаев бахьана долуш, "бIеннаш эзарнаш нах дийна бисна", цундела цуьнах баьлла пайда алсам бу, цо динчу зуламал а, аьллера Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG