ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 6 дархо, кхин а 568 стагана ун даьлла.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо дийцарехь, Краснодаран кIоштахь велла ши пациент, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, Ставрополан махкахь а цхьацца кхелхина.
Ун даьржичхьана Къилбаседа Кавказехь кхелхина COVID-19 вирус кхетта 594 стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха бу ун даьржина нах Дагестанехь – 107:
- Дагестанехь + 107 (6 077 ву эпидемии юкъаяьлчхьана)
- Краснодаран кIошт + 89 (4 574)
- Ставрополан махкахь + 86 (3 253)
- ГIебарта Балкхаройчохь + 75 (3 499)
- Кхарачой-Чергазийчохь + 75 (1 729)
- Адыгейхь + 46 (1 115)
- Къилбаседа ХIирийчохь + 40 (3 364)
- ГIалгIайчохь + 31 (2 399)
- Нохчийчохь + 19 (1 384)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь чоьте эцна ву коронавирусан инфекцица 27 394 стаг. Оперативан штабо дIахьедарца, Оьрсийчохь вовшахкхетта уьш - 485 253.