ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчохь вен кхайкхийна инарла Сулеймани верна бехкевийриг


ГIажарийчоьнан Iедалхоша вен кхайкхийна, 2020-чу шеран юьххьехь инарла Сулеймани Касем верна бехкевен стаг. Талламчийн версица, иза юкъахь болх беш хилла Американ а, Израилан а иччархошца, царна буьйранча волчу меттигах информаци дIа а кхачош.

«Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранча, инарла Сулеймани Касем вийра Дечкен-беттан 3-чу дийнахь, Багдадан аэропортехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь. БIеннашкахь Американ салтий байина "коьрта террорхо" лорура Сулеймани Вашингтоно.

Тегеранна веза инарла вара Сулеймани, цуьнца юзура гIажароша Малхбалехь шайн пачхьалкхо дIахьош йолу тIеман компанеш, герга вара иза Iедалан дайшна а. ГIажаройн парламенто Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскар а, Пентагон а террорхойн организацеш ю аьлла, дIакхайкхийра.

Инарла Сулеймани Касем вер Американа дIадекха дош деллачу ТехIерано ракеташ туьйхира церан эскархой лаьттачу Иракъерчу тIеман базашна. Иттанашкахь салташна чевнаш йира. И конфликт марсаяьллачу заманчохь гIажароша Дечкен-беттан 8-чохь ларамза чудаийтира пассажирех доьттина Боинг-737" Украинин кема.

Кеманна чохь хилла 176 стаг велира хIетахь. Шинарин дийнахь ТехIерано хаам бина, Украинин лайнер дохийна ялх стаг лаьцна шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG