ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. БIаьхочун тезет


please wait

No media source currently available

0:00 0:01:24 0:00
Линкана тIе

Бисултанов Апти

БIаьхочун тезет

Бараман га лаьцна доцу вешин куьг а,

Кошан борза тIе диллина доцу йишин куьг а,

ЦIий а мискана хьожа а, ткъарш-ткъиршанехь

Когаш кIеллахь кегло IиндагIаш а. ⠀⠀

Саьхьарчу гIамаршкахь

ДогIанан тIадамаш санна,

ХIоранна а

Сих а дегIах а худало

Дуьненчохь тIаьхьа мел йисначу

Тийналлин тIаьххьара тIадамаш а.

Синметтехь кеглучу

Лазаман гаьргаш а,

ХIораннан бIаьргашка хIиттина лаьтта.

Матта тIе кхачале

Массо а дош кхачадаларна,

ХIораннан а

Легашка хIиттина лаьтта

НеIалт а,

Дагахьбаллам а.

ДоIанна кховдийна куьйгаш а,

Герза тIе кхевдийна куьйгаш а

Дуьненан эхартан дозанехь.

2003

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG