ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Куьзганийн пардонех...


Бисултанов Апти

***

Куьзганийн пардонех пенойх чекхбуьйлучу

Бодано яхьайо хьох йолу ойланаш.

Ас хьоьга хьежарехь хенах шеквуьйлучу

Йицйина валаран висаран гIовланаш.

Цкъачунна серлонехь ву со хьоь хьежаран

Букъ тоьхна велахь а, боданан тарханах.

Цкъачунна йийсарехь ву со хьан къежаран

НеIаран дозанехь сирлачу марханах.

Со хIинца тера ву дозанан бIогIамах

Бодана серлонан юкъ йоькъуш боьгIначу.

Со хIинца тера ву борзанан догIанах

Дуьненан эхартан неI къовлуш тоьхначу.

Чуоьхурш дIаоьхурш хьеший бу генара,

Ткъа со ву кху шина неIаран йийсархо.

Хан а ю хьан къайлаяларан хенара,

Ирс а ду хьан гучуяларан нийсархо.

Цкъачунна серлонехь ву со хьоь хьежаран,

БукъIаьржа велахь а боданах, товжарна.

Цкъачунна йийсарехь ву со хьо эшаран,

Юьхь Iаьржа велахь а, хьан цIе ца йовзарна.

ЧувогIург чувогIу бодано Iаржвина.

ДIавоьдург дIавоьду серлонах воьттина.

Хьан неI а ца йолу хьох долу арз дина.

Сан неI а некъашка ладегIа хIоьттина.

1993

XS
SM
MD
LG