Нохчийчохь коронавирусан инфекцех кхин а цхьа стаг кхелхина тIаьххьарчу дийнахь а, буса а аьлла, хаам бина махкарчу могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана.
COVID-19 вирус кхетта тIаьххьарчу 24 сахьтехь 19 вахархочух, верриг а 1 384 хуьлу уьш хIинца.
Министро билгалдаккхарехь, Роспотребнадзоран хьехамца, лоьраша могушалла зуьйш ю 5 812 стеган.
Эпидеми яьржичхьана регионехь дарба хилла 1 024 пациентана. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса гIоле хилла 31-нна. Уьнах верриг а кхелхинарг ву 16 дархо.