ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадах лаьцна тоьлла дош олуш конкурс кхайкхийна


Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадах лаьцна тоьлла комментарий язйинчунна совг1ат луш, конкурс д1акхайкхийна Нохчийчохь. Инстаграмерчу @kadyrov_ahmat аккаунтехь зорбане баьккхина цунах хаам.

Къовсаман жамIаш довзуьйтур ду кху беттан 12-чу дийнахь.

"Оха кху поста бухахь комментари язъеш конкурс кхайкхайо. Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дешнаш яздан деза аш. Уггар а дукха "лайкаш" гулйинчунна совгIат дийр ду оха @kadyrov_ahmat аьлла логотип а йолуш, Кадыров Ахьмадан эксклюзиве портретца. Уггар а тоьлла хазна хир ю тхан совгIат шун цIахь йа белхан кабинет чохь",- аьлла, билгалдаьккхина конкурс кхайкхийначара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG