ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара Петербурге кеманаш лелар ду карабогIучу баттахь дуьйна


Грозный аэропорт

КарабогIучу беттан 1-чу деношкахь дуьйна дIасалела дуьйлалур ду Соьлж-ГIалара Санкт-Петербурге кеманаш. Nordwind Airlines авиакомпанино йолор ю шен рейсаш. Цу кепарчу бертан кехаташна тIе куьйгаш таIийна Nordwind компанино а, Дуьненаюкъарчу Соьлж-ГIаларчу "Грозный" аэропорто а, яздо меттигерчу хаамийн гIирсаша.

"Северный ветер" авиакомпанино шайн сайтехь духкуш ду Соьлж-ГIалара Петербурге а, цигара юхаван а билеташ.

Оьрсийчуьрчу авиакомпанийн ТОП-10 тептарехь йолу Nordwind Airlines авиакомпани кхоьллина ю 2008-чу шарахь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG