ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара лоьраш хьийсош бу Къилбаседа Кавказерчу регионашка


Москвара лоьрийн керла бригадаш хьовсош ю Дагестане а, ГIалгIайчу а, Къилбаседа ХIирийчу а. ХIора тобанехь пхеанна тIера иссане кхаччалц говзанчаш хир бу. Карарчу хенахь, Москван мэран Собянин Сергейн тIедилларца, COVID-19 ун даьллачу нахана билгалъяьхначу регионашкахь дарба дечу лоьрашца хийцалур болуш бу уьш. "Новости" агенталло яздо иштта, коронавирусаца лаьттачу хьолан терго а, мониторинг а латточу шатабана тIетевжина.

ГIалгIайчуьра лоьрийн тобанна куьйгалла дийр ду лоьмар 13 йолчу дарбан хIусаман лоьро-хирурго Раннев Игора. Къилбаседа ХIирийчохь болх бечу бригадан хьалханча хир ву лоьмар 17 йолчу дарбан цIийнан лор-хирург Ларичев Сергей. Ткъа Коммунаркерчу медицинан комплексан коьрта лор Проценко Денис шен тобанца Дагестане воьдуш ву.

Карарчу беттан 10-чу дийнахь Iорадаьхначу терахьашца, Дагестанехь коронавирусан ун даьлла ву 6 175 пациент. Къилбаседа-ХIирийчохь - 3 403, ГIалгIайчохь – 2 438.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG