ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремизме материалаш яржорна таIзар дина Нохчийчуьрчу вахархочунна


Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъаца юкъахь талламаш бинчул тIаьхьа, ВКонтактерчу социалан машанехь даржон дихкина аудиофайл гучуяьлла республикерчу прокуратурана. Гуьмсан кIоштарчу вахархочо шен аккаунтехь зорбане хIоттийна хилла и материал, кхечаьрга ладогIийта а, шайн агIонашка дIаэца а аьтто буьтуш, яздо меттигерчу хаамийн гIирсо.

Экстремистийн материалаш лерина, федералан тептаре ерзийна материалаш яржийна цо аьлла, административан гIуллакх айдина цунна дуьхьал республикан прокуратурано.

ГIуда такхар тIе а дожийна, таIзар дина Гуьмсерчу вахархочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG