ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирус кхеттарш 500 эзарал сов бу Оьрсийчохь


Официалан зерашца, яхначу буса а, дийнахь а Оьрсийчохь 8 799 вахархочуьнца хааелла коронавирусан инфекци, яздо"Кавказ.Реалиино". Эпидеми яьржичхьана ах миллион сов бу ун даьлла нах. Цхьана дийнахь велла 174 дархо. Вирус юкъаяьлчхьана 6 500 сов пациент кхелхира.

Роспотребнадзоро дIахьедарца, цхьана дийнахь 330 эзар лабараторин талламаш бина. Лоьрийн тергонехь ву 322 эзар гергга дархо.

Дукха хан йоццуш Дуьненчуьрчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) дIахьедира, коронавирусах Оьрсийчохь леш болчийн статистикех кхета хало ду аьлла. Оццул дукха къаьмнаш дехачу пачхьалкхехь баларш кIезиг хилар шеконе эцнера организацино.

Иштта, хьалхо хаамийн гIирсашкахь а дийца даьккхира, Оьрсийчохь коронавирусах баларш 70 процентна лахара гойтуш ду аьлла.

Бозуш боцчу талламчашна хетарехь, регионийн Iедалхоша ма-дарра ца дуьйцучух тера ду эпидемих кхелхичийн терахь, кхечу бахьанашца леш бу а бохуш. Ткъа Iедалша бакъ ца до церан дIахьедарш.

Малхбузерчу зорбанашкахь Москвахь а, Санкт-Петербургехь а лечу нахах артиклаш зорбане яьхча, церан публикацеш "бух боцу спекуляци" а, "рогIера Оьрсийчоьнна дуьхьал сенсацин фейк" ю аьлла, дIахьедира арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG